Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. Талхаран меттиго а, Іожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна». Эхартахь а, хІаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа.
Выбор основного перевода