Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха и диъ малик дІахийцира. Адамийн кхоалгІа дакъа хІаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. Иштта сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна дой гира, тІехь дошлой а болуш. Царна тІехь дара цІарула-цІечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гІаьгІнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цІе а, кІур а, саьмгал а.
Выбор основного перевода