Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш». Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а. ЧагІар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тІулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира. ТІаккха аса бохург хІун ду? Дуй те иза цІу цхьа хІума ю бохург? Я цІунна сагІина еанарг а юй те цхьа хІума ю аьлла хІума? Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тІебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цІе емалйора цара. Шайн къинойх дІа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара. Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш.
Выбор основного перевода