Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Іожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Аса уьш мичча а дІалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Іожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш. ТІаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тІе эгийша!“ гунашка: „Тхо дІахьулдейша!“ Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а.
Выбор основного перевода