«Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе.
Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш.
ЦІена деши лаца цунна тІехула а, гонах а, маІашна тІе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца.
ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама.