Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу.
Выбор основного перевода