Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама! Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. ТІаккха царна хІоранна а кІайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кІеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Іийсана гІуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара. Далла хьалха долчу паччахьан гІанташна тІе хиъна Іаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Далла Іибадат дора.
Выбор основного перевода