Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю. Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц. Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!» Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. Со дІахьаьжча, суна Цийон-лам тІехь лаьтташ болу и Іахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тІехь Цуьнан цІе а, Цуьнан Ден цІе а дІаязйина яра. Цу нехан тобано стигаларчу Іаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кІелхьарваьккхинчу, цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Іамалора. Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цІе а хир ю церан хьаьжнашна тІехь.
Выбор основного перевода