Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шен вир кемсийн таьллангах дІатосур ю, ткъа виран кІорни – тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагІар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагІаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо. Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Ткъа ЮшаІ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. ХІунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тІаьхьа а хир боцучу тайпана гІайгІа-бала хир бу. Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. Тхуна массо а агІор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дІа ца даьхна. Наггахь холчу хІиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо. Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.
Выбор основного перевода