Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Іейламана тІе иштта стигалан еа маьІІера биъ мох тІехьажор бу. Иштта массо а меттехула дІасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Іейламхой тІе ца дуссуш. «ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Шен дийцар дІадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьІІера хьоькхучу мохо хІорд лестош гира суна. Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.
Выбор основного перевода