Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агІонгахь долу ІиндагІ ду. Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
Выбор основного перевода