Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кІезиг хоьтуьйтура. Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц. Толам баьккхинчунна тІе кІайн духар духур ду. Цуьнан цІе дахаран тептар тІера Ас дІа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама!
Выбор основного перевода