Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элера ду кІелхьардовлар. Хьан халкъана тІехь хуьлийла Хьан декъалдар. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац. Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а».
Выбор основного перевода