Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. «ХьалагІатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дІахаийтира, цунна тІе Шен малик а дахийтина. Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со.
Откровение
Выбор основного перевода