Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Іаш волу меттиг сийлалла хир ю. Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву, И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву.
Откровение
Выбор основного перевода