Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а. Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». Цхьа а хІума аса шуна тІедиллинчунна тІе а ма тоха, цунна тІера дІа а ма даккха. Ларде Аса шуна тІедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хІума тІе а ма тохалаш, дІа а ма даккхалаш». Цуьнан дешнашна тІе хІумма а тІе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дІа а гойтур ду». Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду». Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара. Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла. Декъала бу шайн духарш цІандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гІалин чу бовла а, дахаран диттана тІера стом баа а.
Откровение
Выбор основного перевода