Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. [25] Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ. [26] И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. [27] Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
Откровение
Выбор основного перевода