Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а. Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тІера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тІера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. ТІаккха дІаделладелира церан шинне а бІаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гІаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дІахьулдира цара шайн догІмаш. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду». Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“».
Откровение
Выбор основного перевода