Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! ТІаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза.
Откровение
Выбор основного перевода