Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Цу бешахь хи тохархьама, Іедан-меттигера схьадолура хи, тІаккха иза деа декъе декъалора. Цул тІаьхьа цо со Делан цІенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неІсагІина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дІадоьдуш дара, хІунда аьлча Делан цІа малхбалехьа дІадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агІор йолчу агІонна кІелара арадолуш дара, сагІа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агІонгара. «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан.
Откровение
Выбор основного перевода