Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а. Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду». Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Откровение
Выбор основного перевода