Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Откровение
Параллельные места
Церан гІуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна. безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, Хьо хІоранна а доггІург дІалуш ву. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогІуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю. Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду. Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду. Амма хІинццалц леллачу тайпана кхидІа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта.
Откровение
Выбор основного перевода