Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІордийн а, церан тулгІенийн гІовгІа а, халкъийн карзахдалар а дІасацош верг а Хьо ву. Ахьа олалла до карзахбаьллачу хІордана тІехь: цуьнан тулгІенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо. Иза вистхуьллушехь, дарц тІехьоду, яккхий тулгІенаш ловза а юьйлуьйтуш. Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кІоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира. Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дІадолура. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тІаккха Цо уьш церан баланах кІелхьарбехира. Цо дарц тап-аьлла дІасацийра, тулгІенийн гІовгІа а дІаелира. ХІорд дІатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дІакхачийра. Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гІуллакхаш а бахьана долуш. Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. Іийсас, сихха куьг дІа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кІезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хІунда кхоллаялийтира ахьа?» Іийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кІезиг тешарш! ХІунда боху аша шайгахь бепиг дац?
Выбор основного перевода