Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла. Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цуьнан бІаьрг кхийтира Маттай цІе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира: «Суна тІаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьхьа дІавахара. Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. ХІунда аьлча хІара сан кІант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира. ШолгІачу дийнахь Іийсана Галилай-махка ваха лиира. Іийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тІаьхьахІотта». Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо». КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта. къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна ду шу. Динан вежарий! Оцу Іалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хІума кхочушдо ас: сайна тІехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тІекхача гІерташ ву со.
Выбор основного перевода