Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн лазарш дІадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таІзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара. И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тІера дешнаш иштта дара: Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.
Выбор основного перевода