Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагІа хилахь, иза динан дена АхІаронна я динан да волчу цуьнан кІентех цхьанна тІе вало веза. Динан да дегІа тІехь долчу доІе хьожур ву. ДоІа тІехь долу чоьш кІай а делла, даІ чкъурал кІоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тІаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дІахоуьйтур ду. Нагахь дегІа тІера томмагІа кІайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тІера чоьш кІайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхІ денна нахах дІакъасто веза. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаІ, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхІ денна нахах дІакъастор ву даІ долу стаг. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даІ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегІа тІехула дІаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІахоуьйтур ду. ДегІа тІехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тІаккха иза цІена хир ву. Нагахь стаг динан дена тІе ша Далла хьалха цІена хилар дІахаийта веанчул тІаьхьа, хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тІеван веза. Хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тІевало веза. Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегІа тІера йистина меттиг кІайн елахь, ткъа дестаро чоьш кІайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, иза дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дІакъасто ца веза, хІунда аьлча иза, массарна а гуш, цІена вац. Нагахь чкъуран цамгар коьрта тІера когашка кхаччалц цомгушчун дегІа тІехула дІасаяржахь, динан ден бІаьргаша схьалоццучул, динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегІ дерриг а цамгаро дІалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цІена ву эр ду. ХІунда аьлча цомгушчун дегІ кІайн ду – иза цІена ву. Ткъа цуьнан дегІа тІехь жижиг гучудалахь, иза цІена хир вац. Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цІена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кІайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. Динан дас, дегІе а хьаьжна, даІ кІайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь сурх а яьлла, иза дІайирзинехь, ткъа иза хиллачохь кІайчу басахь дестар я цІегІо-кІайн томмагІа делахь, иза динан дена тІеван веза. ДаІ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тІера чоьш кІай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даІ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. Нагахь доІа тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула чІогІа дІасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. Нагахь томмагІа, дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегІа тІе яьлла хІума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан чкъура тІехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дІайирзича, цигахь долчу жижиг тІехь цІегІо-кІайн томмагІа а хилахь, цу томмагІана тІера чоьш кІай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тІехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІана тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула дІасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІа, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду. Нагахь стеган я зудчун коьрта тІехь я чІенгана тІехь даІ хилахь, динан да цамгаре хьожур ву. ДаІ чкъурана чудахна а долуш, цу тІера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тІехь я чІенгана тІехь йолу. Цу цамгаран доІе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тІера чоьш Іаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь доІе а хьаьжна, нагахь чераш дІаса а ца даьржинехь, доІа тІехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даІ чкъурана чудахна а дацахь, цомгушчун месаш дІаларга еза. Амма даІ долу меттиг Іадйита еза. Динан дас шолгІа а дІакъасто веза цомгушниг ворхІ денна. ВорхІалгІачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даІ дегІа тІехула дІаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цІена хир ву. Нагахь стагана, ша Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхийначул тІаьхьа, чераш дегІа тІехула дІасадаржахь, динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даІ чкъурана чу даханехь, доІа тІехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цІена вац. Нагахь даІ ша ма-дарра а долуш, цу тІехь Іаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дІаяьлла, стаг цІена ву. Динан дас иза Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь стеган я зудчун дегІа тІехь кІайн томмагІаш хилахь, динан дена церан догІмаш тІехь кІайн-мокха томмагІаш гахь, иза дегІа тІе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цІена ду. Нагахь цхьаннан коьрта тІера месаш дІаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву. Нагахь стеган коьрта тІера хьалхара агІор месаш дІаевллехь, и стаг кІунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву Нагахь чераш я кІунзал болчу коьрта тІехь цІегІо-кІайн томмагІа хилахь, коьрта тІехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кІунзал болчу коьрта тІера цІегІо-кІайчу даІан дестар дегІа тІехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доІах тера хилар гахь, цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цІена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхо деза, стеган коьрта тІехь даІ ду аьлла. Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». Цо и къамел дечу хенахь Іийсана тІевеара гуламан цІийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хІоьттина, цо элира: «Сан йоІ хІинцца дІаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тІе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». ТІаккха и зуда, Іийсана тІе а еана, гора а хІоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГІо дехьа суна!» ТІаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хІоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дІалур ду хьуна!“ Цу хенахь шен кІенташца Зевадин зуда тІееара Цунна. Гора а хІоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза. ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.
Выбор основного перевода