Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш цІа чуьра аралаьхкича, Іийсас, йоІ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоІ Іуьллучуьра хьалагІаьттира. кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхІ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, ХІародан цІен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тІера дакъа луш гІо дора Іийсана. Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Іийсана. Марта а яра гІуллакхаш деш. И ЛаІзар а вара Іийсаца пхьор дуучаьрца.
Выбор основного перевода