Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». ДІаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тІамехь исраилхой кІелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Іу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“». Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо».
Выбор основного перевода