Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И гІуллакх хаа а хиъна, Муса вен гІерташ пирІун а вара. Амма пирІун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тІе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхІ йоІ яра. Муса гІуна йистехь охьахиина Іаш волчу хенахь, Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаІам вийна дІаваккха лууш вара. ТІаккха ЯрбаІам Мисар-махка дІаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тІе а вахана, Сулим-паччахь дІакхалххалц Мисар-махкахь Іийра. Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Цара боху: «Хедийна, дІадохур вай ваьшна тІера церан буржалш, церан олаллех паргІатдевр вай!» Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш. Кхетийша, паччахьаш! Іамийша, дуьненан куьйгалхой! Везачу Элана Іамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца! Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! ЯхІу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тІеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дІахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хІума шена хиъча, УръяхІу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дІавахара. Амма ЯхІу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Іахбаран кІант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина, цигара УръяхІу схьавалавайтира. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.) Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. ХІарод-паччахь веллачул тІаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира. Стигалахь долчу седарчийн кхоалгІа дакъа, шен цІоганца дІа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дІакхаллархьама. Оцу зудчо кІант вира. Иза аьчка гІожаца массо а халкъашна тІехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦІеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Іаршана тІе дІадигира. Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.
Выбор основного перевода