Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза». НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. «Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а».
Выбор основного перевода