Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. ТІаьхьо царна гІенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХІарод-паччахь волчу юха ма гІо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дІабахара. Хьекъалчаш дІабахча, Юсупна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагІатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дІагІо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Іе, хІунда аьлча ХІарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гІерташ а ву».
Выбор основного перевода