Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Велларг дІаволлархьама, Делан цІа долчуьра дІа а вахана, шен Делан цІа сийсаздан ца деза цо, хІунда аьлча даьтта тІедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тІехь. Со Веза Эла ву. ХІинца берах а хилла, ахьа кІант вича, цуьнан корта дІа ма башийта, хІунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардаккха волалур ву». Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Иза Цунна хьалха, ховха маргІал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тІебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хІума дацара вай Цунна тІеозалуш долу. Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла. «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара. Юсуп а, Марем а Везачу Эло тІедиллина гІуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гІала юхадирзира. Ткъа НатунаІила элира: «Назартера цхьа а дика хІума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГІой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла.
Выбор основного перевода