Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делера болу хІара хаам бира БалиІама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неІалт кхайкхадехьа Якъубан тІаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеІар бу. Массо а халкъаша цунна хьалхара гІуллакх дийр ду. ЯхІуд-махкахь ХІарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхІун цІе йолчу тобанах а волуш, Закри цІе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цІе йолуш зуда яра цуьнан, АхІаронан тІаьхьенах схьаяьлла. Оцу деношкахь Август цІе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дІаязде аьлла. Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дІаяздар дара иза. Цундела хІора а ша схьаваьллачу гІала вахара дІаязвала. Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара. Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дІаязвала воьдуш вара. Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тІекхечира. Марема кІант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дІа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хІунда аьлча царна хьешан цІа чохь меттигаш ца кхаьчнера. Тибар паччахь волу пхийтталгІа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхІуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХІарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цІе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,
Выбор основного перевода