Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шена хезча, Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дІавахара, ша висархьама. Амма нахана и хІума дІахезча, шайн гІаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тІаьхьабахара. Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. Суьйре тІееъча, Цуьнан мурдаш тІебаьхкира. Цара элира: «ХІара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дІабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хІума эцийта». Ткъа Іийсас элира: «Уьш дІабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хІума». Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц». Ткъа Іийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира. Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара. Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Іу воцу уьстагІех а тарбелла, царах чІогІа къахийтира Іийсана. ТІаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. Де чаккхенга гІерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Іийсана тІе а бахана, элира Цуьнга: «ХІара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дІабахийтахьа и нах». Амма Іийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бІе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?» ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховшабе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара. Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тІаьхьа. Іийсас уьш тІеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира. Де суьйренгахьа лестича, Іийсан шийтта векало, тІе а веана, элира Цуьнга: «Адам дІадахийта деза. Луларчу ярташка а, кІотаршка а бахана, шайна дІадийша меттиг а, яа хІума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла. Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла. Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара. Цул тІаьхьа Галилай-Іоман дехьа болчу берда тІе вахара Іийса. Цу Іомах Тхьабара-Іам олу кхечу тайпана. Дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана, хІунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш. Цкъа, лам тІе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Іаш вара Иза. Ткъа тІедогІуш дара «Пасахь» олу деза де. Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла. Иза Пилап зерхьама элира Іийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг. «Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа. Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамІа-Кипин вашас Іандара, элира Іийсага: «Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?» ТІаккха Іийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тІе пхи эзар стаг охьахиира. Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. Нах буьзначул тІаьхьа, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хІума эрна ца дайта». ТІаккха и нах яа хІума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира.
Выбор основного перевода