Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло цхьана боккхачу чІере, Юнус дІакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чІеран гай чохь. ТІаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гІала!» – бохуш. ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира. Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. Иза, Делан цІийнан керта а веана, нах Іамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» Іийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТІаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
Выбор основного перевода