Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Уьш меца дІабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чІогІа гІел ца балийта». Мурдаша Цуьнга элира: «ХІокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хІума?» Іийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхІ бепиггий, масех чІарий бу». ТІаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Массара а шаьш дуззалц хІума йиира. ТІаьхьайисина йолу яа хІума мурдаша схьагулйича, ворхІ тускар хьаладуьзира. Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Іийса волчу, ткъа царна яа хІума яцара. Іийсас, Шен мурдаш тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Аса меца дІабахийтича, новкъахь гІеллур бу уьш, хІунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу». Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХІара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?» Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла. «ВорхІ ду», – аьлла, жоп делира цара. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Иштта масех жимо чІара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Іийсас. Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тІаьхьа Іийсас нах дІабахийтира,
Выбор основного перевода