Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тІе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дІа а дирзина, кхечу хьехамна тІаьхьахІитта дохку. Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна. Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь. Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Іеха ца далийтархьама. Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган.
Выбор основного перевода