Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. Шен са Іалашдан гІоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дІаделлачунна иза карор ду. Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хІора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хІордкеманна чу валлалц. Амма цул тІаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хІаллакьхилира. Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза.
Выбор основного перевода