Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву». Іийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чІагІо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хІара сан ши кІант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агІор, важа аьрру агІор охьахаавехьа». Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неІалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла! Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. Иштта, хІокху дешнех вовшашна синтем а беш Іе. Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тІаьхьара а догІа даре. Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
Выбор основного перевода