Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» ТІаккха шегахь тур долчу ШамІа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тІерадаьккхира. Оцу ялхочун цІе Малх яра. Іийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Іийр вара ткъа Со?» И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна.
Выбор основного перевода