Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ЦІадан-гІалин уллохь йолчу Сарпат-гІала дІа а гІой, цигахь саца. Йисина Іаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тІе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». Эли-ЯхІу Сарпат-гІала вахара. Иза гІалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Іаш йолу цхьа зуда гира. Иза чІийш гулдеш яра. Эли-ЯхІус цуьнга элира: «КІудал чохь жимма мала хи лохьа суна». И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхІус, цунна тІаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!» Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чІагІо йо ас, сан кийча яа хІума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кІеззиг даьтта а ду. Со хІинца жимма чІийш гулдеш йоллура, уьш цІа а даьхьна, сайна а, сайн кІантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дІаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх». Эли-ЯхІус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дІа а гІой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тІаьхьа хьайна а, хьайн кІантана а яа хІума кечъе. ХІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догІа даийтталц“». Цо, дІа а яхана, Эли-ЯхІус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхІуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кІантана а яа хІума тоьура. Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхІугахула аьлла ма-хиллара. Цул тІаьхьа оцу йисина Іачу зудчун кІант цомгуш хилира. И цамгар чІогІа хиларна, кІентан садаІар а сецнера. Оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хІун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кІант вен веана ву те?» Эли-ЯхІус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кІант». Цуьнан карара кІант, схьа а эцна, оцу цІийнан лакхарчу гІат тІехь долчу шен цІа чу а вигна, ша дІавуьжучу маьнги тІе виллира Эли-ЯхІус. Цо Везачу Эле доІа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хІусамехь волчу йисина Іаш йолчу хІокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кІант а валийтина?» ТІаккха Эли-ЯхІус кхузза шен дегІ цу кІантана тІедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кІентан дегІа чу дахаран са!» Везачу Элана дІахезира Эли-ЯхІун доІа. Оцу кІентан дахаран са юхадеара, иза денвелира. Эли-ЯхІус и кІант, схьа а эцна, лакха тІера охьавалийра. Цо, иза нене дІа а велла, элира: «Хьажал, хьан кІант дийна ву!» ТІаккха оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «ХІинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а». Цхьана дийнахь ЭлишаІ Шунам-гІала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаІе дехар дира, ша йолчохь хІума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хІума а юуш, соцура ЭлишаІ. Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цІенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла. Вайн нийсачу тхов тІехула, цхьа гІат тІе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дІавижа мотт а, стол а, гІант а, къуьда а билла вай? ТІаккха, иза вайга веача, цу чохь Іан йиш хир яра цуьнан». Цхьана дийнахь ЭлишаІ цига веара. Иза, хьала тІе а ваьлла, оцу цІа чохь садаІа охьавижира. ЭлишаІа шен ялхо волчу ГІайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. Шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гІайгІа ярна, оха хІун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хІумма а дІаала лаьий те хьуна?“». Амма цу зудчо жоп делира: «ХІан-хІа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю». ТІаккха ЭлишаІа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХІун дика дийр дара те оцу зудчунна?» – аьлла. ГІайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кІант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву». «Схьакхайкхахьа цуьнга», – элира ЭлишаІа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неІаре дІахІоьттира. ЭлишаІа элира цуьнга: «Цхьа шо дІадаьлча, хІоккху хенахь, хьан карахь кІант хир ву!» Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХІан-хІа, сан эла! Ма Іехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!» Амма и зуда берах хилира. ТІедеанчу шеран ЭлишаІа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кІант хилира. КІант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тІехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тІевахара иза. ЦІеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» – элира кІанта. «Шен нанна тІе дІавигал иза», – элира дас ялхочуьнга. Ялхочо и кІант, дІа а вигна, шен нене дІавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Іиллина, кІант велира. Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тІе охьавиллира шен кІант. НеІ тІе а чІагІйина, иза цу чуьра араелира. ТІаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тІе а кхаьчна, юхайоьрзур яра». Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хІун до тахана Делан стагана тІеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!» «Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо. ТІаккха, вир дІа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дІа а озош, дІаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь». И зуда Кармал-лома тІехь волчу Делан стагана тІеяхара. Делан стагана геннара гира шена тІейогІу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГІайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогІург шунамхо ю-кх! Вало, цунна дуьхьал а гІой, хатта цуьнга: „ХІун хилла, могуш юй иза? Хьан хІусамда а, кІант а могуш вуй?“» ГІайхьази цунна тІекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду». Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тІе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГІайхьази иза дІаяккха дагахь тІеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Іадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох». «Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кІант? Со Іеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо. ЭлишаІа ГІайхьазига иштта элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, сан Іаса схьа а эций, дІаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дІакхаьчча, хІара Іаса оцу кІентан юьхь тІе йилла». Амма кІентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, хьо воцуш со дІагІург ца хиларх!» ТІаккха ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, цунна тІаьххье дІавахара. ГІайхьази кху шиннал хьалха дІакхечира. Цо и Іаса кІентан юьхь тІе охьайиллира, амма кІант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТІаккха ГІайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаІана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо. ЭлишаІ цІа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Іуьллуш велла кІант вара. ЭлишаІа неІ тІечІегІира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаІа Везачу Эле доІа дира. ТІаккха, кІантана тІе а вахана, цунна тІехула дІаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаІ. Цо шен бат кІентан бетана тІе, шен бІаьргаш цуьнан бІаьргаш тІе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тІе ехкира. КІентан дегІ дохделира. ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, дІа а, схьа а волавелира. Цул тІаьхьа, юха а кІантана улло а вахана, цунна тІехь дІасаваьржира ЭлишаІ. ТІаккха кІанта, ворхІазза хьоршам а тоьхна, шен бІаьргаш дІабиллира. ГІайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаІа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГІайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаІа: «Схьаэца хьайн кІант», – элира цуьнга. Зуда, ЭлишаІана тІе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьІира цунна. ТІаккха, шен кІант схьа а эцна, чуьра араелира иза.
Выбор основного перевода