Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхІуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Іийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!» Іийсана ямартло йина волчу ЯхІуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дІавига». Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг, Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХІунда аьлча Іийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а. ТІаккха Іийсан мурдех цхьаммо, ЯхІуд-Искархочо, тІаьхьа Іийсана ямартло ен волчо, элира: Іийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цІена дацахь а», – аьлла. Іийсас жоп делира: «Аса хІара баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, дІакховдон ерг ву». ТІаккха Іийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, ШамІа-Искархочун кІанте ЯхІуде дІакховдийра. Ткъа Іийсана ямартло еш волчу ЯхІудана а евзара и меттиг, хІунда аьлча Іийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь. Цунна жоп делира: «Назартера Іийса лоьху», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Іийсана ямартло еш волу ЯхІуд вара.
Выбор основного перевода