Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза. Шайца я бохча а, я тІоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. Цундела Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тІедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла. ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».
Выбор основного перевода