Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Іаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. Суна ма-хаззара гІуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тІаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна». Божарий Седам-гІала йолчухьа дІабуьйлабелира, ткъа ИбрахІим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хІаллакбан дага-м ца деана Хьуна? ХІун хаьа, цу гІалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХІетте а и гІала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гІалех къинхетам бийр бац Ахьа? Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» ТІаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гІалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гІалех къинхетам бийр бу». ИбрахІима элира: «Новкъа Іуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хІутту, Хьалдолу Эла. Масала, пхиъ тІе а ца тоьъна, гІалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тІе ца тоьъна аьлла, ерриг а гІала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гІала йохор яц». Юха а хаьттира ИбрахІима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гІала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гІала», – жоп делира Хьалдолчу Эло. «Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгІаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гІалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахІима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло. ТІаккха ИбрахІима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гІалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц». Юха а вистхилира ИбрахІим: «Хьалдолу Эла, оьгІаз ма гІахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гІалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц». ИбрахІимца долу къамел чекх а даьккхина, дІавахара Веза Эла. ИбрахІим а шен цІа юхавирзира. Сарахь и ши малик Седам-гІала деара. ГІалин кевна йистехь хиина Іаш вара ЛутІа. Уьш шена гича, тІе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. «Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо. Амма ЛутІас чІогІа дехарна, иза волчу хІусаме ван резахилира и шиъ. ЛутІас царна яа хІума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хІума йиира. Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!» ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со». Амма цІенна го бинчу Седам-гІалара божарша элира: «ДІавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хІокху тІевеана волчу стаге, хІара висинера вайна тІехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутІина тІегІоьртира неІ кагъян дагахь. ЛутІа волчу веанчу шина стага, дІакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неІ дІакъевлира. ТІаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бІаьрса дайира цара. ЧувогІу неІ лоьхуш, нах чІогІа гІелбеллера. Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо. ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». Амма ЛутІа шина даггахь вара, хІоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутІех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоІ а, куьйгаш а лаьцна, гІалех араяьккхира. Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!» Амма ЛутІас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогІар. Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю». Малико элира ЛутІе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гІала, амма сиха дІавада цига, хІунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гІала йохо йиш яц сан». (Цу гІалин цІе «Жиманиг» (Іебархойн маттахь «ЦІоІар») тиллира, ЛутІас иза жима ю аьлла дела). Малх хьалагІаьттинера, ЛутІа ЦІоІар-гІали чу кхочуш. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. ЛутІагІар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тІулг хилира. Цу дийнахь Іуьйрре гІаьттина, Везачу Элана ша хьалха хІуттучу метте вахара ИбрахІим. Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Аса боху шуьга: Седамна кхана догІун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул». Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гІалара нахана атта хир ду оцу гІалара нахана чул». Цара бисина Іан зударий шайн цІенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доІанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таІзар хир ду». ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
Выбор основного перевода