Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Іийсас, лам тІе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тІекхайкхира. Уьш Цунна тІе баьхкира. Царна юкъара Іийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), Іандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьа ямартхо хилларг. Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. ШолгІачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг, Якъубан кІант ЯхІуд, иштта шех ЯхІуд-Искархо олу, тІаьхьа ямартхо хилларг а. Яхьъян дешнаш а хезна, Іийсана тІаьхьахІоьттинчу шиннах цхьаъ Іандар вара. Иза вара ШамІа-Кипин ваша. Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) Іандара шен ваша ШамІа Іийсана тІевалийра. Іийсас, ШамІе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кІант ШамІа ву-кх. Хьох хІинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.) ШолгІачу дийнахь Іийсана Галилай-махка ваха лиира. Іийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тІаьхьахІотта». Пилап а вара Іандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гІалара. НатунаІил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тІехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тІехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кІант Іийса, Ша Назарт-гІалара схьаваьлла волу». Ткъа НатунаІила элира: «Назартера цхьа а дика хІума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГІой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла. Шена тІевогІу НатунаІил а гина, Іийсас элира: «ХІара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо». НатунаІила хаьттира Іийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кІел Іаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара». НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.
Выбор основного перевода