Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан са а ду суна чохь, Цуьнан дош а ду сан метта тІехь. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дІавахар гІоле ю шуна“. Нагахь Со дІа ца вахча, шуна гІо Дийриг вогІур вац, ткъа Со дІавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна. Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агІор дуьне тиладалар. Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа. ТІаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хІунда аьлча Со Дена тІе гІур ву. Со кхин гур вац шуна. Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хІунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина. Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогІалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.
Выбор основного перевода