Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІадуьло! Берзалойн арданга юкъа Іахарий санна, дІадохуьйту Ас шу. Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. Хазачу кхоана шун муьтІахь хилар массарна а гІарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцІена долуш. Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.
Выбор основного перевода