Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тІера доІанаш до. Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху, сан шайца долчу доттагІаллина дуьхьал цабезам а боккху. Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. ТІаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Іийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хІародхой а тоьхна. Мурдаша Іийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Іийсан цІе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХІарод-паччахьна а дІахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Іийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хІуманаш до», – олура. Іийсас дІахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХІародан а муьстачу бедах ларлолаш». Муьлххачу а дашна тІехь ваьлла а, Іийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХІарод-паччахьна тІаьхьа хІиттина нах а бохуьйту цара Цунна тІе. ТІаккха юха а лийхира цара Іийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.
Выбор основного перевода