Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира. Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“». ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“». ТІаккха иблисо валийра Іийса боккхачу лам тІе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дІалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хІоьттина, Іибадат дахь!» Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» Иблис Іийсана тІаьхьара дІадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гІуллакх а деш.
Выбор основного перевода