Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те. Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хІунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду. Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала. Цо боху: «Хьан цІе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».
Выбор основного перевода